Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таІийна, Іийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КІант ву!» ШамІа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КІант ву». «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» ТІаккха Іийсас хаьттира: «Ткъа аша хІун боху, Со мила ву боху аша?» Кипас жоп делира Цунна: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла. «ХІей, Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца, Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш. «Ткъа аша хІун боху, Со мила ву боху аша?» – аьлла, хаьттира Іийсас. Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла. НатунаІила элира Іийсага: «Рабби! Хьо Делан КІант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь». Мартас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КІант а вуйла».
Выбор основного перевода