Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дІакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дІадийкъира. Иштта царна деззачул чІерий а дийкъира. Нах буьзначул тІаьхьа, Іийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хІума эрна ца дайта». ТІаккха нахана кхузахь я Іийса а, я Цуьнан мурдаш а цахилар гира. Уьш, Іийса лоьхуш, хинкеманаш чу а хевшина, Къапарнаме баьхкира. ТІаккха цара Іийсага элира: «ХІун тамашийначу гІуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХІун гойтур дара Ахь?
Выбор основного перевода