Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Іуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Іуьллуш тхи дара. Тхи дІадаьлча, лаьтта тІехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хІуманаш йисира. Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хІун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хІун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду. (Ораматан хІу санна а йолуш, тІехьаьжна сегІазах тера яра и «ман». Наха, арахула дІабоьлхий, гулйора иза, кохьарца ахьа а охьура (я махка чохь ата а отура), кхехка а йора, хьокхамаш а дора цунах. Зайтдаьтта тоьхначу хьокхамах тера бара цуьнан чам. Меттамотт болчохь тхи диллинчу буса юьллура лаьтта тІе «ман».) Уьш мацбеллачу хенахь стигалара кхача а белира Ахьа царна. Уьш хьагбеллачу хенахь тІулгах даьккхина хи а делира Ахьа царна. Ахьа цаьрга элира, дІа а гІой, царна, куьг а айина, дІадала чІагІо йина долу латта церан дола даккха. Цо кхачанан буьртигаш царна тІе диссийтира, догІа санна, стигалара кІа царна дІаделира. Шун дайша яьссачу аренгахь стигалара кхача биира, ткъа уьш белла. ХІара стигалшкара охьадеана бепиг ду. Шун дайша диъначу баьпках тера дац иза. Иза дуъушехь, уьш беллера. Ткъа хІара бепиг дууш верг Дела волчохь даим а вехар ву». Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна.
Выбор основного перевода