Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дукха адам дара Цунна тІаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Іаш долу адамаш а. Іийса ламанан басера охьавоьссича, Цунна тІаьхьа дукха адам хІоьттира. Иза хууш волу Іийса цигара дІавахара. Цунна тІаьхьа дукха адам хІоьттира. Цо цомгуш мел верг товира. Цунна тІаьхьа хІоьттина лелаш адамийн тобанаш яра, Цо царна цигахь дарбанаш а дира. Іийсай, Цуьнан мурдашший Ерихон-гІалара дІабоьлхучу хенахь, царна тІаьхьа лелаш адамийн тобанаш яра. Іийса Яирца дІавоьдуш, Цунна тІаьххье дукха адам дахара, Иза халла бен чекх а ца валалуш. Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тІаьхьа. Іийсас уьш тІеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира. Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дІадолийра Іийсас тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тІаккха тийшира Іийсах Цуьнан мурдаш. Пасахьан дезачу дийнахь, Іийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах. Цул тІаьхьа, Іийсас йина тамашийна гІуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХІара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».
Выбор основного перевода