Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дукха адам тІаьхьахІоьттира Іийсана, хІунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тІехь йина тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш. ТІаккха суьйре тІееача, Іийсан мурдаш Іам тІе баха чубиссира. Хинкеман чу а хиъна, Іоман вукху агІор йолчу Къапарнам олучу гІала баха бевлира уьш. Бода а боьллера, амма Іийса хІинца а схьа ца веанера. ЧІогІа мох баларна, хІорд карзахбаьллера. Иштта мурдаша, хІорда тІехула дІабоьлхуш, пхи чаккхарма гергга некъ бира. ТІаккха, шайн хинкеманна тІекхоччуш волу, хин тІехула гІаш вогІу Іийса гира царна. Уьш кхерабелира. Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Со ву шуна иза! Ма кхера!» Іийса хинкеманна чуваккха бохкуш бара мурдаш, ткъа хинкема цу сохьта хІорш тІебоьлхуш болчу хин йисте кхечира.
Выбор основного перевода