Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Кхин а элира Іийсас: «Шу лахарчех ду, ткъа Со лакхарчех ву. Шу кху дуьненах ду, ткъа Со кху дуьненах вац. Вайн сийлахьчу дайн тІаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хІуманна тІехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин! Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цІарал лакхара вина ца Іаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цІарал лакхара а вина. Уьш кху дуьненара бу, цара а кху дуьненара болчара боххург боху, дуьнено ла а дугІу цаьрга.
Выбор основного перевода