Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ткъа Іийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гІайгІане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тІедогІур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дІавуьгун волу цхьа де. ТІаккха хир бу уьш гІайгІане, марха кхаба а болалур бу. «Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кІантана зуда ялош той кечдина. Іийсас жоп делира царна: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъосташа и зуда ялош верг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гІайгІане хилар гойтуш? И стаг шайца мел ву, церан марха кхаба йиш яц. Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дІаделла Цо. динан ерриге а тоба цхьа а томмагІа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хІума а доцуш, амма цІена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дІахІотторхьама.
Выбор основного перевода