Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Цунах лаьцна Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас. Цо Хьуна некъ кечбийр бу. Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тІера юха а ца волуш, ма-дарра дІа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац». Яхьъяс жоп делира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“». Иза сол тІаьхьа вогІуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ долуш вац». Шена тІедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хІан-хІа, Иза сол тІаьхьа вогІур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ вац“.
Выбор основного перевода