Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хІародхой а тоьхна. Мурдаша Іийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тІе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гІайгІа беш а вац Хьо, хІунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. ТІаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела». Вукхара олура: «Шена тІехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш?» Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира. Нагахь Иза Делера Стаг вацахьара, Цуьнга хІумма а далур а дацара». Исраилхой, ладогІалаш соьга: Назартара Іийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХІунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а кхочушйора.
Выбор основного перевода