Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
КІантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КІантана муьтІахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгІазло а йолуш ю цунна тІехь. Ткъа хІорш яздина Іийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КІант хиларх шу тешийтархьама а, тІаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цІарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а. И тоьшалла иштта ду: Дала вайна хедар доцу дахар делла. Ткъа и бакъдолу дахар Цуьнан КІантаца ду. КІантаца уьйр йолчун бакъдолу дахар ду. Ткъа КІантаца уьйр йоцучун бакъдолу дахар дац. Аса хІара яздина шуьга, Делан КІантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дІахаийтархьама.
Выбор основного перевода