Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
элира: «Аса баккъалла боху шуьга: шайн дегнаш цІан а дина, бераш санна дІа ца хІиттахь, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, шу цкъа а Делаца хир дац. Цхьаьнгге а алалур дац: „Иза кхузахь ду“ я „ДІогахь ду“, хІунда аьлча Делан Олалла шуна юкъахь ду». Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта. Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хІу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду! Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хІух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало.
Выбор основного перевода