Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Яхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Іийса Галилай-махка юхавирзира. И де тІекхачале дикка хьалха ХІарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш дина хилла. Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тІаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Іийса Галилай-махка вахара. ХІарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла. ХІарода шегара девллачу зуламашна тІе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира.
Выбор основного перевода