Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Іаьржа марха санна, тІегІерташ ву мостагІа. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яІ! Ма хІаллакьхир ду вай!» Цуьнан говраша яьккхинчу чено хьо къайла а йоккхуш, дукха говраш хир ю цуьнан. Хьан пенаш цуьнан говраша а, гІудалкхаша а яьккхинчу гІовгІано дегор ду, иза гІалин кевнехула, йохийначу гІалина чу ма-ваххара, чувогІучу хенахь. Шад еттар а, хьийзачу чкъургийн тІак а, юм еш йогІучу говрийн татанаш а, хахкаеллачу гІудалкхан гІовгІа а ю хезаш. Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.
Выбор основного перевода