Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Со, хи санна, Іана вахана. Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан. Цундела массеран а куьйгаш, чуьра са дІадаьлча санна, охьагІур ду, хІораннан дог, Іадийна, дешар ду. Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. Оцу балхо Іадийначу сан дегІан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со. Юьхьа тІера хийцавелира иза. Ойланаша хьовзийра иза. Цуьнан настарш малъелира, голаш, бегош, вовшахбетталора. Иза шайна гича, дегор ду халкъаш, бос а байна, дІахІуьттур ю массеран а яххьаш. Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хІаллакбийр бу. Нунав-гІаланах, яссийна саьлнаш а йина, гІум-аре санна, екъа меттиг йийр ю. Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бІогІамашна тІехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеІсагІанашна тІехь къапалгаш Іохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дІадаьхна хир ду. Иштта хилла дІахІуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гІайгІа йоцуш яьхна йолу и гІала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хІума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тІех мел волучо: «Жолам-яІ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.
Выбор основного перевода