Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цо яьккхина гІовгІа лоьман санна ю, цо до гІигІ къоначу лоьмийн Іахарх тера ду. МостагІчо, гІигІ а деш, бовда гІерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац. Цунна гІигІ деш дІахІиттинчу къоначу лоьмаша, ижу а яьккхина, гІовгІа йора. Исраилан мохк бассийна цара. ГІаланаш ягийна, царна чохь халкъ а ца дисина. Лом шен боьлак чуьра арадаьлла, халкъ хІаллакдийриг шен некъ бан волавелла. Цо шен хІусам йитина, шун латта дассорхьама. Шун гІаланаш хІаллакйийр ю, царна чохь адамаш а хир дац. „Хьан нана стенах тера ю? Иза стен лом санна ма ю! Лоьмашна юкъахь Іуьллуш а яра иза, циггахь шен кІорнеш а кхиайора цо. Бохам тІебогІу цІийх юьзначу гІалина! Харцдолчух а, схьаяьккхина хІонсах а юьзна ю иза, талораш дар а соцуш дац цигахь.
Выбор основного перевода