Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гІалин пенашна тІелата, гІарол а чІагІде, массо а меттехь гІаролхой дІа а хІиттош, мостагІчунна кІелонаш а кечъе!» Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду. Везачу Эло боху: «Бавел, хьо – Сан тІеман диг ду, хьо – Сан тІеман герз ду. Хьоьца Ас халкъаш а хьошура, хьоьца Ас пачхьалкхаш а хІаллакйора. Хьоьца Ас говр а, цунна тІера бере а хьошура, хьоьца Ас гІудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура, хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура, хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура, хьоьца Аса кІант а, йоІ а хьошура, хьоьца Ас Іу а, жа а хьошура, хьоьца Ас ахархо а, сту а хьошура, хьоьца Ас мехкада а, куьйгалхо а хьошура». Хилла стоьмаш долчу инжирийн диттех тера ю хьан ерриге а чІагІонаш. Нагахь санна и дитт дегадахь, и стоьмаш кхалла луучунна нийсса бага оьгур бу. Хьайна го лоцучу ханна хи кечде, хьайн чІагІонаш чІагІъе, хотта юкъа гІо, поппар хье, кибарчигаш еш йолу кепаш кечъе.
Выбор основного перевода