Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ТІаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхІакъа шена тІелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна тІе, Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со. Дуьненан йисте кхаччалц Цо тІемаш а совцабо, секхаІад а дохадо, гоьмукъ а кагбо, Цо турсаш а цІергахь дагадо. Ондачуьнгара ижу схьаяккхалур юй? Къизачу куьйгалхочуьнгара йийсархой схьабахалур буй? Амма хІара боху Везачу Эло: «Ондачуьнгара йийсархой а схьабохур бу, къизачу куьйгалхочуьнгара ижу а дІахоьцур ю. Хьоьца тІом беш болчаьрца Со тІом беш хир ву, хьан бераш Ас кІелхьардохур ду. ТогІин яхархо йолу Ярушалайм-гІала, тІапломахь лаьтта тарх, хьуна дуьхьал ваьлла Со, – боху Везачу Эло. – Аша боху: „Тхуна дуьхьал цхьа а вер вац, тхан дІалечкъийла цхьаммо а дІалоцур яц“. Халкъашна цунах лаьцна хезира, тІаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чІагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дІайигира. ТІаккха цунна дуьхьалдевлира гонах дехаш долу дерриг а къаьмнаш. Цара и схьалацархьама, бойнаш а тесна, иза ор чу дожийра. Цунах чІагарш чекх а яьхна, иза гур чу хаийра. Бавелан паччахь волчу дІа а дигна, иза набахти чу доьллира, Исраил-мехкан лаьмнашкахь кхин цуьнан мохь шайна ца хазийта. «ХІинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тІе озор ю. Ас халкъашна хьан ерзина ялар, ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дІагойтур ду.
Выбор основного перевода