Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Іалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хІаллакдан а. Цо боху: «Сан массо а баьччанаш паччахьаш бац ткъа? КІаркамиш-гІалина динарг Хална-гІалина ца дина те? Арпад-гІалина динарг Хьамат-гІалина ца дина те? Дамасакх-гІалина динарг Шамран-гІалина ца дина те? ЦІуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цІуш Ярушалаймехь а, Шамран-гІалахь а болчу цІуйл нуьцкъала бара – Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гІалина а, цуьнан цІушна а диннарг дийр дац Аса?» Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а Шен гІуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таІзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бІаьргаш дозаллех буьзна хиларна а». Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хІунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дІадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргІано санна аса паччахьаш шайн гІанташ тІера чукхиссина. Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хІоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тІам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гІаттий, я цхьа а гІовгІа а ца йи». «Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара тхо, дІа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина. Цо тхо яьсса пхьегІа санна дІахІиттийра. Саьрмико санна, цо тхо, дІа а кхаьллина, тхан уггар дикачух шен кийра бузийра, ткъа йисинарг дІакхоьссира. Бохам тІебогІу цІийх юьзначу гІалина! Харцдолчух а, схьаяьккхина хІонсах а юьзна ю иза, талораш дар а соцуш дац цигахь.
Выбор основного перевода