Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІароне а, цуьнан кІенташка а Мусас элира: «Гуламан четарна чуволлучохь жижиг а кхехкадай, цуьнца цхьаьна къобалдарна леринчу тускарна чуьра бепиг даа, суна тІедиллина ма-хиллара: „АхІарона а, цуьнан кІенташа а даа деза иза“. Динан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цІа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла. Цо, Делан цІа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хІума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла. Иза, динан коьрта да Абу-ЯтІари волчу хенахь, Делан цІа чу а вахана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла». Иза Делан цІа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».
Выбор основного перевода