Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта даздина баьпкаш тІехь долчу стоьла тІе а тасийта сийна басахь йолу шаршу. Цу тІе бошхепаш, еш, боганаш, чагІаран сагІанаш чудутту кедаш охьадахка. Гуттар а цигахь хила деза бепиг а латтаде цу тІехь. КхахІатхой болчу церан цхьаболчу вежаршна тІедиллина хилла Далла леринчу хІора шоьтан дийнахь Цунна бепиг кечдар. Аса хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан долош ду. И цІа аса дІакъастор ду, цигахь Цунна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш ягаяйтархьама а, даздина баьпкаш шен рожехь дІахІиттадайтархьама а, хІора Іуьйранна а, суьйранна а, иштта шоьтан дийнахь а, керла бутт болалуш дезачу деношкахь а, тхан Везачу Далла лерина долчу къастийначу дезачу деношкахь а дийнаташ дагоран сагІанаш дахийтархьама а. Иза иштта гуттаренна а тІедиллинера Дала Исраилан халкъана.
Выбор основного перевода