Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дІаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тІе“». Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тІе“. Иза ю Сан цІе абадехь, цу цІарца хьахор ву Со тІейогІучу тІаьхьенаша. Везачу Элан цІе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тІе тІулгаш кхисса деза. ТІевеана стаг я махкахо Везачу Элан цІе емалъеш велахь, иза вен веза. Дечиг гулдеш хилла волу и стаг карийначара Мусана а, АхІаронна а, дерриге а халкъана а тІевалийра иза. ТІаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира». Цара Набути гІалара ара а ваьккхина, цунна тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийра. ТІаккха динан коьртачу дас, шена тІера бедарш а этІош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хІун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш? Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Іийса веран кхел къобалйира.
Выбор основного перевода