Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „Исраилхойх я цаьрца тІевеана Іаш волчух цхьаммо шен бераш Мулка-далла дІалахь, и стаг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тІулгаш кхисса деза. Нагахь стага я зудчо беллачийн синош тІедоьхуш я пал туьйсуш хилахь, уьш байа беза. Царна тІулгаш кхисса деза, церан цІий царна тІехь ду“». Амма иза вей дІаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тІе айина, иза верхьама. Цул тІаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тІехь. Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тІаьхьа дерриге а халкъо царна тІулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Цул тІаьхьа цуьнан гІаларчу бахархошка иза валлалц цунна тІулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Иза дІа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».
Выбор основного перевода