Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дІаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира“. ТІаккха гІалара ара а ваккхий, валлалц тІулгаш кхисса цунна тІе». ТІаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира». Цара Набути гІалара ара а ваьккхина, цунна тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийра. ТІаккха юха а наха тІулгаш схьаийцира, Іийсана деттархьама. Іийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гІуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тІулгаш детта гІерта шу Суна?» Наха жоп делира Іийсана: «Ахьа дина дика гІуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тІулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».
Выбор основного перевода