Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана стага адаман цІий Іанийнехь, цуьнан цІий а Іанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цІий Іанийна дела. «Нагахь стага валлал чІогІа цхьанна тоьхнехь, тоьхнарг вен веза. Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. Адам дерна бехке волчун дахарх кхаьънаш ма эца. Адам дойург вен везаш ма ву. Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагІа а хилла, иза лар а вина, цунна тІе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гІала дІавадахь, тІаккха цуьнан гІаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тІаьхьа нах бахийта беза. И стаг чІир йоькхучу нехан кара дІавала веза, иза валийтархьама.
Выбор основного перевода