Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Абу-Малика, Іапру-юьртахь долчу шен ден цІа а вахана, Яруб-БаІалан (ГадІанан) кхузткъе итт кІант вийра. Уьш массо а цхьана тархана уллохь вийра цо. Яруб-БаІалан уггар жимах волу кІант Йовтам дийна висира, иза дІалечкъина хилар бахьана долуш. Шайна хуур ду шуна, нийса а, доггах а хІоттинийла шаьш Абу-Малик паччахьан метта. Иштта шайна хуур ду шуна, шаьш хила ма-деззара хиллий шу Яруб-БаІалан доьзалца а, цо шайна динчу диканашца дуьстина диний аша шаьш динарг. Шу бахьана долуш ша-шен а ца кхоош, сан дас, тІом а бина, шу маданхойн куьйга кІелара схьадаьхна. Ткъа аша хІинца, сан ден доьзална дуьхьал а девлла, цуьнан кхузткъе итт кІант цхьана тарх тІехь вийна, ткъа Абу-Малик шайн паччахь вина дІахІоттийна, иза шайн гергара стаг волу дела. Ткъа иза сан ден гІарбаш-зуда хиллачун кІант бен вац!
Выбор основного перевода