Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бІаьргашна гина гІуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дІа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дІадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. ТІаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дІахІоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кІант Іотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кІелхьара а бехира. Царна дицделлера Цуьнан гІуллакхаш, Цо гайтина долу тамашийна хІуманаш а дицделлера царна. Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догІура, Цо шаьш мостагІех кІелхьардахаран де а дицделлера царна. Амма кестта Цуьнан гІуллакхаш царна дицделира, Цуьнан хьехамашка а уьш ца хьоьжура. Цара шаьш кІелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хІуманаш дина волу,
Выбор основного перевода