Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. Амма халкъо цаьрга а ла ца дугІура. Кхечу деланашна тІе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дІакхехьначу некъа тІера сихха дІадаьллера адам. Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чІогІа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чІогІа юхахьадаьлла, шаьш дІахьош болчу харцнекъана тІера дала лууш дацара. Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Маликна БаІал-Барт-делан цІа чуьра кхузткъе итт шекхал дети делира. И дети а делла, Абу-Малика, деш-дуьтуш а доцуш, шайн лаамехь волу масех стаг лецира. Уьш цунна тІаьхьахІиттира. Шайна гІалахь хилларг дІахиъча, Шехемарчу бІаьвнна чохь Іийнарш БаІал-Бартан делан цІа чохь хиллачу кхераме доцучу цІа чохь схьагулбелира.
Выбор основного перевода