Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хІунда аьлча церан деланашна ахь Іамал яхь, иза хьуна боьгІна гур хир бу». Деших а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а ийпад цІе йолу тІехула юху бедар говзаллица кечъяйта цаьрга. Белшашкахь ийпад дІайоьхкуш ши гур хила беза, цаьрца ийпадан ши агІо цхьаьнатесна хилийта. Ийпадна тІехула доьхкуш, иза ша санна дина долу доьхка хила деза. Деших а, сийначу а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а, дуткъачу кІадих а дина хила деза иза. Оникс цІе йолу ши беза тІулг схьа а эций, царна тІехь Исраилан кІентийн цІераш язъе: ялх цІе цхьана безачу тІулга тІехь, важа ялх вукху безачу тІулга тІехь, вокх-воккхачу кІентан цІе хьалха а язъеш. МухІар дечу пхьере шина тІулга тІехь Исраилан кІентийн цІераш а язъяйтина, дашо беттанаш чу хІиттадайта и тІулгаш. Ийпадан гураш тІехь чІагІъяйта и ши ботт. Цара Везачу Элана исраилхой дагахь латтор бу. Цунна хьалха АхІарона шен белшаш тІехь лелор ю и цІераш, уьш дагахь латтийта. Деших беттанаш е. ЦІеначу деших юьйцина ши зІе а яй, уьш беттанаш тІе дІатийса». «Говзачу балхаца некха тІе уллу беза тІоьрмаг а бе. Ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина хила еза иза а. ЕакІов а, шалха а хила еза иза, йохалла а, шоралла а цхьа ше а йолуш. Дашо беттанаш чохь деза тІулгаш дахка безачу тІоьрмагна тІе беа могІарехь. Цхьана могІарехь рубин а, топаз а, изумруд а хилийта. ШолгІачу могІарехь карбункул а, саппир а, алмаз а хилийта. КхозлагІчу могІарехь яхонт а, агат а, аметист а хилийта. БоьалгІачу могІарехь хризолит а, оникс а, яспис а хилийта. Дашо беттанаш чу хІиттийна хила деза уьш. ТІулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кІентан цІарах. ХІора тІулга тІехь, мухІарна тІехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цІе язйина хила еза. ЦІеначу деших юьйцина зІенаш е безачу тІоьрмага тІе таса. Дашо ши чІуг а яй, безачу тІоьрмаган шина маьІІе дІатаса уьш. Юьйцина ши зІе оцу шина чІагарх дІатаса. Шина зІенан важа ши юьхьиг хьалхарчу агІор долчу ийпадан гурашна тІехь йолчу шина баттах дІатаса. Дашо ши чІуг а яй, безачу тІоьрмаган чухуларчу, ийпадна уллохь йолчу шина маьІІе дІатаса уьш. Ши дашо чІуг а яй, безачу тІоьрмагна чухула ийпад йолчу агІор дІатаса уьш. Кхин а ши дашо чІуг а яй, ийпадан гурана лахахьа, хьалха агІор, доьхкарна тІехула дІатаса уьш. Беза тІоьрмаг шен чІагаршца сийначу эханган тІергаца ийпадан чІагарех дІабехка, ийпадан доьхкарна тІехула а болуьйтуш, ийпадах дІа а ца къостуьйтуш. Ша Делан четар чу воьдуш, АхІарона безачу тІоьрмага тІехь шен дагна уллохь Исраилан тайпанийн цІераш лелор ю, Везачу Элана уьш массо а ханна дагахь латтийта. Безачу тІоьрмага тІе дахка Урим а, Тумим а олу деза тІулгаш. Везачу Элана хьалха АхІарон хІуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хІун дан деза билгалдаккхаран хІуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхІарона». «Ийпадаца юха оба е сийначу басахь. Цунна юккъехь корта чекхбаккха Іуьрг хила деза. ЭтІа ца этІийта цу Іуьрган йистош, кІади а лоцуш, дІатега еза. Обанан юьхах сийначу а, можачу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах дина оьргаш охка, царна юккъе гобаьккхина дашо горгалеш а тосуш. Дашо горгали а, уьйраг а уллуш, кечъе обанан юх. Оба АхІаронна тІехь хир ю иза волчуьра зов хазийта, Делан четаран езачу чоьнна чохь Везачу Элана хьалха хІуттуш а, цу чуьра араволуш а иза ца кхалхийта. Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. Шун Везачу Дала шайн кара дІалуш долу массо а халкъаш аша хІаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гІуллакх а ма делаш, хІунда аьлча уьш шуна дІахІиттийна йолу речІанаш хир ю. Амма халкъо цаьрга а ла ца дугІура. Кхечу деланашна тІе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дІакхехьначу некъа тІера сихха дІадаьллера адам. Микин шен делан цІа дара. Цо ийпад а, цІуш а бира. Цул тІаьхьа цо, шен кІенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира. Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цІенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цІуш а, тІе дети диллина волу цІу а ву. Ойла е, хІун дан деза». Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цІенна чу а вахана, дечиган цІу а, ийпад а, кхиболу цІуш а, детих вина волу цІу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бІе тІемалочуьнца лаьтташ вара. ЯрбаІам цІа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІоттийра. ЯхІудан тайпанах берш бен ца хІиттира Даудан цІийнах болчарна тІаьхьа. Цара шаьш бехдира шайн гІуллакхаш бахьана долуш, Далла тешаме ца хилира шайн сийсаза лелар бахьана долуш.
Выбор основного перевода