Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цара элира ЮшаІе: «Везачу Эло дерриг а хІара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу». Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дІабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а». Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, кхана хІоккху хенахь исраилхошка хІаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гІудалкхаш а ягае». АхІуда цаьрга элира: «Суна тІаьхьахІитта! Везачу Эло шун мостагІий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхІудана тІаьхьахІоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тІехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш. Дебирас Баракхе элира: «Тахана Везачу Эло Сисра эшо ницкъ лур бу хьуна. Вало, Веза Эла хьуна хьалхаваьлла хир ву». Баракх, шеца итт эзар стаг а волуш, Табур-лам тІера охьавоьссира. Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тІе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дІалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дІахаийтархьама“». Делан стага, Исраилхойн паччахьна тІе а вахана, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Веза Эла волу Со – лаьмнийн Дела ву, ткъа шерачу меттигийн Дела вац арамхоша бахарна, Аса церан эскаран и йоккха арданг хьан кара дІалур ю. ТІаккха хуур ду шуна Со – Веза Эла вуйла“».
Выбор основного перевода