Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
„Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хІара хьал“, – аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама. Ткъа хІинца аша бан ца беза и тІом. Шу, дІа а хІиттий, хьоьжуш Іе шайна Везачу Элера хир долчу кІелхьардовларе. ЯхІудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву». Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хІунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дІадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргІано санна аса паччахьаш шайн гІанташ тІера чукхиссина. Шаьш Ладебар-гІала схьаяьккхина бохуш, дозалла деш ду шу. «Тхайн ницкъаца дІа ца лаьцна оха Кхарнайм-гІала?» – боху аша. Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хІуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгІаза хеташ долу хІуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа. Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тІех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама.
Выбор основного перевода