Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
И паччахьаш а, церан эскарш а тІамана арадевлира. ХІордан берда тІера гІум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гІудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха. ХІоразза а исраилхоша хІума дІайийча, маданхой а, Іамалекхахой а, иштта малхбалехьа Іаш долу къаьмнаш а, схьа а догІий, царна тІелетара. Маданхоша, Исраилан лаьтта тІе а баьхкина, цигахь шайн четарш дІахІиттийра. Цара шайца шайн доьзалш а, шайн бежанаш а схьадалийнера. Уьш, цІоз санна, дукха бара, церан эмкалш а ягар ца яллал дукха яра. Цу лаьтта тІе а баьхкина, цара массо а хІума хІаллакдинера. Зебаххьий, ЦалманаІІий шайн эскарца Кхаркхур-гІалахь вара. Цаьрца пхийтта эзар стаг вара. Уьш малхбалехьарчу мехкашкара тІемалойх бухабисинчарах бара. БІе ткъа эзар стаг, тур лелош болу тІемалой, цу эскарна юкъара хІаллакьхиллера. Ткъа пІелаштамхой исраилхошна дуьхьал тІом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гІудалкх, ялх эзар говрахь волу тІемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХІордан йистера гІум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Цара хьокхур ю мисархойн хьун, – боху Везачу Эло, – Цу хьун чохь дукха дитташ делахь а. ЦІоз санна, дукха ду мостагІчун эскар, уьш багарбина а вер вац.
Выбор основного перевода