Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маІа лекхира АхІуда. Цу маІан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхІуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тІера охьабиссира. АхІуда цаьрга элира: «Суна тІаьхьахІитта! Везачу Эло шун мостагІий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхІудана тІаьхьахІоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тІехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш. Цо Маннашан махкахула геланчаш бахийтира, массо а нах ша волчу схьагулбе аьлла. ТІаккха хаамчаш бахийтира Ашаран а, Забулан а, Напталан а мехкашкахула а. Цигара нах а ГадІан волчу баьхкира. ГалІадхоша Йордан-хих дехьаволуш йолу меттигаш дІалецира. Шайга хІаллакбаза бисина болчу эпраймхоша хил дехьадовла пурба дехча, галІадхоша цаьрга хоттура: «Хьо эпраймхо-м вац?» Цара «Вац» – аьлла жоп делча,
Выбор основного перевода