Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ЯхІунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, оцу дин доцучу сунтбаза болчеран эскар долчу дехьа вер ву вайшиъ. Везачу Эло гІо дан мега вайна, хІунда аьлча Цунна хала дац вайна гІо дан, вай мел делахь а». Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол».
Выбор основного перевода