Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
МостагІийн меттаматтана улло веанчу ГадІанна хезира, цхьана тІемалочо вукху тІемалочуьнга шена гина долу гІан дуьйцуш. Цо дуьйцура: «Суна гІенахь гира маданхойн меттаматтехула, хахкаделла, дІадоьдуш долу горга бепиг. И бепиг, хахкаделла, четарна чІогІа тІекхийтира. ТІаккха и четар, каг а делла, охьадуьйжира». Вукхо элира: «Хьан гІан иштта бен кхечу тайпана тида йиш йолуш дац. Иза исраилхо волчу Юашан кІентан ГадІанан тур ду. Дала маданхой а, церан берриг а меттамотт а цуьнан кара дІабелла». И гІан а, цуьнан тидар а хезна волу ГадІан Везачу Элана хьалха суждане вахара. Исраилхойн меттаматте юха а веана, цо элира: «ХьалагІовтта! Везачу Эло маданхойн меттамотт вайн кара схьало». Цара вайшинга: „Тхо тІедахккалц цигахь латта“, – алахь, вайшиъ, царна тІе а ца воьдуш, Іадда лаьттар ву. Нагахь санна цара: „Тхо долчу хьаладовла“, – алахь, вайшиъ хьалавер ву. Иза вайшинга Везачу Эло йина билгало хир ю, уьш вайшиннан кара схьабелла аьлла».
Выбор основного перевода