Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Левихо а, цуьнан гІарбаш-зуда а, ялхо а дІадаха дагахь хьалагІаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тІейогІуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гІевттина, шайн цІа гІур ду шу». Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хІума а юуш, садоІуш болчу хенахь, цу гІалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цІенна го а бина, неІ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа». БоІаз йиъна а, мелла а, шен дог тедина а ваьлла, вахана мекхан борзана юххехь дІавижира. Ткъа хІара, меллаша тІе а яхана, цунна тІетесна йолу хІума хьала а айина, цуьнан когашкахь дІатевжира.
Выбор основного перевода