Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цу сарахь уьш дІабийшале, Седам-гІалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьІІера схьа а веана, ЛутІин цІенна го бира. Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!» шуна юкъара Делан лаамехь боцу нах гучубевлла бохуш. Цара гІалин бахархой Іехийна: „Дуьйло, кхечу деланашна гІуллакх дийр ду вай“, – бохуш. Ткъа и деланаш шуна ца бевза. Амма буьйсанна ГебаІ-гІалин бахархоша тхо буьйса яккха сецна долчу цІенна го бира, со вен дагахь. Цара сан гІарбаш-зуда хьийзийра. И хІума бахьана долуш иза елира. Схьало тхан кара ГебаІ-гІалара болу и боьха нах. Оха, уьш байа а байина, Исраилан махкара вон дІадоккхур ду». Амма Бен-Яманан тІаьхьенах болчарна ца лиира Исраилан халкъах болчу шайн вежаршка ладогІа. Дагахь а доцуш, цигахь цхьа Іеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кІант ШебаІ хилла. Цо, коьман маІа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кІант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цІа дІасадовлий вай!» Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дІаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира“. ТІаккха гІалара ара а ваккхий, валлалц тІулгаш кхисса цунна тІе». Цундела Дала эхье болчу, боьхачу лаамийн карахь битина уьш. Зударша шайн хила еза юкъаметтиг, вовшашца сийсаза а лелаш, хила ца еззачу тайпана йинера. Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догІмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгІазло шайн коьрта тІе йоуьйтура цара.
Выбор основного перевода