Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ЛутІас, ара а ваьлла, шена тІаьхьа неІ тІечІегІира. Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша! Боьрша стаг а вовзаза ши йоІ ю сан. Ас и шиъ дІалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хІусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со». ИбрахІиман долахь долчунна тІехь Іуналла деш цхьа тешаме ялхо вара. Иза схьа а кхайкхина, ИбрахІима элира: «Сан кога кІел куьг а диллий, Хилларг шайна хиъча, Якъубан кІентий сихха арара цІа баьхкира. Уьш чІогІа оьгІазбахана бара, хІунда аьлча Исраилан тІаьхьенна юкъахь чІогІа эхье гІуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоІ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара. Нагахь санна, хан яьлча, цунна иза ца езахь, и зуда дІаяхийта мегар ду цунна луъучу меттиге. Амма цо иза детих дІайохка а мегар дац, цунах лай ян а мегар дац, иза ша сийсазъяьккхина дела». тІаккха иза цуьнан ден цІийнан неІаре схьаяло еза, гІалин бахархоша цунна тІулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гІуллакх лелийна дела: шен ден цІахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Суна лерина хІуманаш лачкъийна волу стаг а, цуьнан доьзал а, долахь мел дерг а цІергахь дагаде, цо, Везачу Элаца бина барт а талхийна, исраилхошна юкъахь эхье гІуллакх дина дела“». Амма Тамарас элира: «ХІан-хІа, сан ваша. Ма тоха сох куьг. Исраилан махкахь и санна долу хІума лелош дац. И сонта хІума ма де.
Выбор основного перевода