Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цул тІаьхьа, Бен-ХІинам цІе йолчу тогІи чухула Явсай-гІалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агІорахула дІа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХІинаман тогІина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогІин йистехь къилбаседехьа а бара. Ярушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхІудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхІудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Іаш бу Ярушалаймехь. Шеца берриг исраилхой а буьгуш, Дауд Ярушалайме вахара. Оцу заманахь Ярушалаймах Явсай-гІала олура. Ткъа цигахь Іаш болчу нахах явсайхой олура. ТІаккха явсайхоша Дауде элира: «Тхан гІали чу вогІур вац хьо». Амма Дауда дІалецира церан Цийон-гІалин гІап. Оцу меттигах цул тІаьхьа Даудан гІала элира.
Выбор основного перевода