Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кІел садаІа меттиг а ю шуна.
«Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хІусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидІа а бер аша», – элира ЛутІас. «ХІан-хІа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо.
ИбрахІиман ялхо цІа чу велира. Лабана гІо дира цунна эмкалш дІаІалашъеш, царна ча а, баа хІоъ а белира. Ялхочунна а, цуьнца болчу нахана а когаш била хи а делира цо.
ЦІийнан куьйгалхочо вежарий Юсупан цІа чу бигира. Царна когаш била хи а, церан варрашна хІоъ а белира цо.