Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Элан Са охьадоьссинера Іотниалана тІе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дІахІоьттира. Иза тІом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дІавелира, цундела Іотниала цунна тІехь толам а баьккхира. Везачу Элан Са иза меттахъхьеван доладелира Махьаней-Дан цІе йолчу меттехь иза волчу хенахь. И меттиг ЦорІаний, Эштаулний юккъехь дІахІоттийна яра. Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тІе. Цо, Ашкхилун цІе йолчу гІала а вахана, цигахь ткъе итт пІелаштамхо а вийна, царна тІера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хІетал-метал хиъначарна дІаелира. Цул тІаьхьа, чІогІа оьгІаз а вахана, иза шен ден цІа вахара. Иза Лахьина улло кхаьчча, пІелаштамхой маьхьаршца дуьхьалбевлира цунна. ТІаккха Шамшонна тІе Везачу Элан Са доьссира. Цуьнан куьйгаш дІадихкина долу машшаш даьгна дІадаьлла долу вета санна хилла дІахІиттира. Цуьнан куьйгаш тІера буржалш охьаийгира. И хІума цунна дІа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тІе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чІогІа оьгІазвахара. Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагІий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагІ дІабаьхьча, царна тІаьхьа а воьдий, тІекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тІекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гІараваьллачу шина баьччанан. Иштта ло догІучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо.
Выбор основного перевода