Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чІагІдина, исраилхошна тІамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагІий хІаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, хІаллакбан безара уьш. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Цо уьш шовзткъа шарна пІелаштамхойн кара дІабелира. ЯхІуд-махкара кхаа эзар стага, ІайтІам цІе йолчу тархана уллохь Іуьллучу чІожа чу а вахана, Шамшоне элира: «Хьуна ца хаьа пІелаштамхой тхуна тІехь олалла деш дІахІиттинийла? ХІунда дина ахьа иза?» Шамшона цаьрга элира: «Цара суна динарг аса царна дІадекхна».
Выбор основного перевода