Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Амма ловзаран кІира ахьа чекхдаккхахь, аса Рахьал а дІалур ю хьуна. Иза долайоккхург кхин а ворхІ шарахь суна болх бан беза ахьа». Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гІала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тІехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогІучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тІулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. «Хьо хІинцца дІавало цига, аса исраилхойн паччахье яздина кехат дохьуьйтур ду хьоьца» – элира паччахьо. НаІамана, дІа а вахана, ткъа пунт дети а, ялх эзар шекхал барамехь деши а, хуьйцуш тІеюха итт бедар а схьаийцира шеца. «Адаман кІант! Исраилан халкъана хІетал-метал а даладай, хьекъале дустар дийца.
Выбор основного перевода