Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
стигалан а, Лаьттан а Дела волчу Везачу Элана хьалха суна чІагІо е, КанаІан-махкара цхьа а йоІ сан кІанте ялайойтур яц алий. Вай кху халкъана юкъахь Іаш ду, амма канаІанхо ма ялаяйталахь цуьнга. Сан махка, сан гергарчу нахана тІе а гІой, цигахь Исхьакхана зуда а лахий, иза а ялош схьавола». Якъуб шена тІе а кхайкхина, иза декъалвинчул тІаьхьа цунна тІедожийра Исхьакха: «КанаІанхойн зуда хьайна ма ялаелахь. Кхузара дІа а гІой, Падан-Арам олучу метте гІо, хьайн ненада Бетаал ваьхначу цІийне. Цигахь Іаш хьан ненан ваша Лабан ву. Цуьнан цхьа йоІ ялае. ТІаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХІун кхаъ хир бу, и пІелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тІера юьхьІаьржо дІаяьккхинчунна? Мила ву хІара дин доцу, сунтваза волу пІелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?» Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пІелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу». Ма дийцалаш цунах лаций Гати-гІалахь, Ашкхилунан урамашкахь дІа а ма кхайкхаделаш, пІелаштамхойн зудабераш даккхий ца дейта, сунтбаза болчеран зудаберашка и кхаъ ца базбайта.
Выбор основного перевода