Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
«Исраилхошка, дІахьедар а деш, иштта дІаала: „Нагахь санна шуна юкъара стагана я зудчунна, Везачу Элана лерина ша къобалвина назархо хилархьама, шатайпа нигат дан лаахь, цо я чагІар, я кхин тайпана вахош долу малар мала ца деза. Иштта цо чагІарх я кхечу маларх дина къонза а, кемсех дина мутта а мала мегар дац, ткъа керла я якъийна кемсаш а яа мегар дац цо. Ша назархо хиларан деношкахь, цхьана а тайпана кемсех яьккхина хІума яа ца еза цо. Ур-атталла кемсийн хІу а, чкъор а даа ца деза. Ша назархо хила нигат динчу дерриге а деношкахь цу стеган корта ларга мегар дац. Ша Везачу Элана лерина къобалвина денош чекхдовллалц, иза Делан долахь а ву, цо шен коьртара месаш яхъялийта а еза. Кемсийн таьллангех йолуш йолу хІума ма яийта, вахош долу маларш а ма малийта, Далла боьха хетачу хІуманех мотт а ма тохийта. И аса аьлларг дерриг а кхочушдайта цуьнга». ТІаьххьара а цо Делилига элира: «Сан месех цкъа а урс хьакхаделла дац, хІунда аьлча со, сайн ненан кийрахь воллушехь, Далла лерина назархо хилла схьавогІуш ву. Сан корта дІабашахь, соьгара ницкъ дІабер бу. ТІаккха со массо а нах санна хилла дІахІуттур ву». Цо шен доІанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тІехь волу Веза Эла! Тидам бехьа сан деган лазаме! Со хьайна дагаяийтахьа! Йиц ма ехьа! Ахьа суна божабер лахь, аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дІалур ду. Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац». ХІунда аьлча иза Везачу Элан бІаьргашна хьалха чІогІа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагІар а, кхин йолу вахош йолу хІуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза.
Выбор основного перевода