Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дуьсуш хІара латтанаш ду: ПІелаштаман а, Гешуран а ши мохк. Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. Веза Эла оьгІазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пІелаштамхойн а, Іамминхойн а кара дІабелира. Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тІом бина болчу пІелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гІалин тІеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дІабелира уьш Везачу Эло.
Выбор основного перевода