Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Элера схьайолучу цІеро кхерча тІера дийнаташ дагоран сагІина дийна бежана а, мохь а дІакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара. Шен бІаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тІехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТІаккха Дауд а, къаной а, тІехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тІе лаьтта охьаийгира. ДогІа догІучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаІад санна, серло яра цунна гонах йогуш. И аз шайна хезча, мурдаш, чІогІа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира. Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а.
Выбор основного перевода