Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шайн догІмашкахь гІора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидІа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча». Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха». Юха сихонца четар кІел а вахана, Сарате элира ИбрахІима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де». ТІаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дІа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо. Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хІоттийра ИбрахІима, ткъа ша царна уллохь дитта кІелахь сецира, уьш хІума юуш болчу юкъана. ГадІана, дІа а вахана, буьхьиг кхехкийра. Цхьа мазал дама а хьакхийна, совсозачу бедах хьокхамаш а дира цо. Жижиг тускар чу а диллина, цунах схьаяьлла чорпа кхаби чу а йоьттина, уьш Делан малик долчу ножан дитта кІел схьаеара цо. Цу зудчунна дуьхьал Везачу Элан Малик деара. Цо элира: «Хьо берах хуьлуш а, бер деш а ца хиллехь а, ахьа, берах а хилла, кІант вийр ву.
Выбор основного перевода