Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ГадІана, дІа а вахана, буьхьиг кхехкийра. Цхьа мазал дама а хьакхийна, совсозачу бедах хьокхамаш а дира цо. Жижиг тускар чу а диллина, цунах схьаяьлла чорпа кхаби чу а йоьттина, уьш Делан малик долчу ножан дитта кІел схьаеара цо. Делан малико ГадІане элира: «Жижиг а, хьокхамаш а хІокху тІулга тІе охьадахка, ткъа чорпа цу тІе охьайотта». ГадІана шега аьлларг кхочушдира. Маликан карахь Іаса яра. Цо цу Іасанан юьхьиг жижигах а, хьокхамех а дІаІоьттича, тІулгах цІе а яьлла, цу цІаро жижиг а, хьокхамаш а дІахьулдира. Ткъа Делан малик къайладелира.
Выбор основного перевода