Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ГадІанна хьалха дІа а хІоьттина, Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Веза Эла ву хьоьца, майра къонах!» Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТІехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чІогІа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цІе а ца яьккхира. ТІаккха Манахьа шен доІанна тІехь Везачу Эле дехар деш элира: «Веза Эла! Делан стаг кхин а цкъа тхо долчу ваийтахьара Ахьа, тхоьга дуьнен чу дала дезачу цу берана оха хІун дан деза дуьйцуш». Едда шен майра волчу а яхана, зудчо цуьнга хаам беш элира: «Со йолчу юха а тохарлера стаг веана». Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчана аьтту агІор дІахІоьттира иза. Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доІанна жоп делла: Элисата кІант вийр ву хьуна. Цуьнан цІе ахь Яхьъя туьллур ю.
Выбор основного перевода