Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма цхьана хІуманна тІехь къера ву со: сайн дайн Далла гІуллакх деш вогІу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а – дерригенах а теша со. сайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тІера Далла баркаллаш боху аса. Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Іийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан. ХІунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх! Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цІена а, Делан лаамехь а, ала хІума а ца дуьтуш тхо муха Іара.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода